Австрин-Мажарчоьнан импери йохар

Австрин-Мажаройчоьнан шуре йохар — геополитикехь доккха маьӀна долу хилларг ду. Цул хьалха пачхьалкхехь доладелира чоьхьара социалан цхьаьнацадар а, Австрин-Мажаройчоьнан тайп-тайпана дакъош дӀакъастар а. Ткъа пачхьалкх йохар бахьана дара — Дуьненан хьалхара тӀом болабалар, 1918-чу шеран ялта цахилар, экономикин кризис.  

1918-чу шеран эсаран/гӀадужу (октябран) 17-чу дийнахь Мажаройчоьнан парламенто Австрица йолу уни йохийра, тӀаккха дӀакхайкхира пачхьалкхан лаамалла, эсаран  (октябран) 28-чу дийнахь Чехословаки кхоллаелира, цул тӀахьа эсаран 29-чу дийнахь кхоллаелира Словенцийн, хорватийн, сербийн пачхьалкх. Лахьанан (ноябран) 3-чу дийнахь Малхбузе-Украинийн халкъан республико дӀакхайкхира шен лаамалла, 6-чу дийнахь Краковехь дӀахьедира Польша юхаметтахӀоттор. Шуре юхучу хенахь кхоллаелира Тарнобжеган республика, Гуцульски республика, Оьрсийн Халкъан Республика Лемков, Команча Республика, Прекмурье Республика, Мажарчоьнан Кхеташонан Республика, Словакийн Кхеташонан Республика, Банат Республика, Фиуме Республика.