ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀокху агӀонан йац
хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах
ца хоттийна болучу барамца.
Маж йолу аьрзу |
---|
|
|
Gypaetus barbatus (Linnaeus, 1758) |
|
|
|
Маж йолу аьрзу — (Gypaetus barbatus), (оьрсаша "Бородач" олу).
Йоккха аьрзу ю иза готтийро деха тIемаш а долуш, деха йIога а долуш. ЧIениг кIел морсачу месийн маж ю цуьнан. Настаршна тIехь а, пIелгашна тIе кхаччалц месаш ю. Букъ Iаьржа бу. ЧукIело сирло ю, ал бос а бетталуш. Корта кIай бу, бIаьргашна тIоьхула Iаьржа томмагI а долуш. Шок етташ санна ду цуьнан екаран аз.
- Уьш хуьлу Кавказан лаьмнашкахь, Юккъерчу Азехь, Алтайхь, дозанал арахьа кхилбехьарчу Европехь, Африкехь. 5-6 шо кхаччалц кIорни ца доккху маж йолчу аьрзуно. Стен, боьршан ши аьрзу даиманна цхьана хуьлу. Баннаш адам тIе ца кхочехь, ламанан даккъашкахь, мокхазан, тIулган бердашкахь до цара.
- Маж йолчу аьрзунан бен боккха хуьлу, цхьа метр стомма а ши метр го болуш а. Баннаш до диттийн генех, кердагех, тIергах. И цхьа бен дукху а шерашкахь лаьтта. ХIоьаш 1 я 2 хуьлу ал басахь, мокха тIедарчий а долуш. Шина, кхаа баттахь гIовтту кIорнеш. Ижонна таллар хIаваэхь го туьйсуш ду. Еллачу бежанан дилх а, даьIахкаш а, акхарой а, олхазарш а доу цо.