Ӏаьс-хи
Iаьс-хи | |
---|---|
гуьрж. ასა, гӀалгӀ. Эс, оьрс. Асса | |
Амал | |
Дохалла | 133 км |
Бассейн | 2060 км² |
ДӀаэхар | |
Хьост | |
• Эрк долу меттиг | Доккха Кавказан дукъ |
• Локхалла | 1806 м |
• Координаташ | 42°39′29″ къ. ш. 44°54′28″ м. д.HGЯO |
Хикхоче | Соьлжа |
• Эрк чекхдолу меттиг | Заки-Эвла ТӀехьа-Мартанан кӀошт Нохчийчоь |
• Локхалла | 167 м |
• Координаташ | 43°15′17″ къ. ш. 45°24′55″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 12,3 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
|
|
Пачхьалкхаш | |
Регионаш | Пхейн-Мохк, ГӀалгӀайчоь, Нохчийчоь |
Код ПХР чохь | 07020001112108200005482[1] |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Iаьс-хи[2], Ӏacc хи[3] (гуьрж. ასა, гӀалгӀ. Эс оьрс. Асса) — Къилбаседа Кавказан эрк, Соьлжан[4] аьтту га.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Схьадолу коьрта Кавказан даккъийн къилбаседа басешкара Гуьржийчоьнан Пхейн-Махкара[5]. Кхоллало Чимгисцкали а, Цирилованцкали а эркаш, 1806 м[6] лакхахь, цхьаьнакхетачу меттигера. ОхьадогӀу ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а мехкашкахула. Закан-Юртан гергахь Соьлжах кхета.
Эркан дохалла — 133 км, хи гулден майда — 2060 км²[7], хин хершан шоралла аренашкарчу декъехь — 60 м сов. Ӏаьс-хи охьадогӀу Гуьржийн махкахула 20 километр, ГӀалгӀайн махкахула 91 километр, ткъа Нохчийчухула — 32 км.
Iаьс-хи тӀера нах беха меттигаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏаьс-хин тӀехь лаьтта эвланаш: Чимга, Ахиели, IамгIие, Нилха, Наькъасти, ГIолошпхье, Хамха, Йовла, Хьули, ГаьриетӀа, Каьзие, Бишта, Дешхьакхле, Къоста, Карт, Колие, Коьккие, Оьзига, Пхьуй, ГӀаьппие, ЦӀоьлие, БӀархание, Паьлинга, ТӀумгӀа Кхаьхк, Хьайрах, БӀаьрахие, Лаймие, Ний, ТӀаргим, Эгикхал, Олкумие, Мужиче, Галашкие, Алхастие, ГӀажарийн-Юрт, Берд-Юрт, Эха-Борзе, Керла-Шара, Закан-Юрт.
Геннаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гуьржийчуьра
[бӀаьра нисйан | нисйан]ГӀалгӀайчуьра
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Нелхи, Тувча-алие, Жоьрда-алие, БӀогӀара, Бартхи, Тевзенхи, Жолхие, Тарам-аьлие, Посул-аьлие, Биерхи, ГӀулой-хи, Хьайрихи, ТкъабӀархо, Сарту, Тетрицкали, Ерусалимка, ЧамалгӀие.
Нохчийчуьра
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гидроним
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Ширачу заманахь эрк деза хи лорура. ЦӀе йоьзна ю, хетарехь, гӀажарша ��ъилбаседа Кавказе чуеина керсталлин хьалхарчу муьрера шира жуьгтийн тобанах. Вайнехан кхетамехь «Ӏаьса» дешан маьӀна «ийман доцург» ду, дуьххьал дӀа аьлча «текъамдин» я «текъархой»; «Ӏаьсанаш» хилла вайнах, пхий, хӀирий, кхарачой балкхарой.
— Твердый А. В. Топонимический словарь Северного Кавказа. — 1. — Краснодар, 2006.
Хин реестрах хаамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ[7].
Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005482[7].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 13.
- ↑ Карасаев А. Т., Мациев А. Г., 1971, с. 727.
- ↑ Асса, река // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Лист карты K-38-X. Масштаб: 1 : 200 000
- ↑ Картан кехат Картин кехат [{{{3}}} 39. Масштаб: 1:50 000. Арахецна терахь билгалде/меттиган хьалаш.].
- ↑ 1 2 3 «Асса» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Географические названия // Русско-чеченский словарь . — Москва: Русский язык, 1978. — 728 с.
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
- II часть : Горная Ингушетия (юго-западная часть), Горная Чечня (центральная и юго-восточная части) : топоним. слов. // Топонимия Чечено-Ингушетии : в IV частях (1976—1985 гг.) / Сост. А. С. Сулейманов, ред. А. Х. Шайхиев. — Гр. : ЧИ кн. изд-во, 1978. — 289 с. — 5000 экз.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Акваэксперт. Река Асса . www.aquaexpert.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 25 март.
- ��о бассейну Ассы . www.skitalets.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 25 март. Архивйина 2018-06-10 — Wayback Machine
- Эркаш абатца
- Эркан кеп: Викихаамаш: лелош йу: код ПХР
- Малхбуза-Каспийн бассейнан гуон эркаш
- Эркан кеп: йуза: Хи дайар
- Соьлжан геннаш
- Гуьржийчоьнан эркаш
- ГӀалгӀайчоьнан эркаш
- Нохчийчоьнан эркаш
- ТӀехьа-Мартанан кӀоштан хин объекташ
- ТӀехьа-Мартанан кӀоштан эркаш
- Эна-Хишкан кӀоштан хин объекташ
- Эна-Хишкан кӀоштан эркаш
- Соьлжан кӀоштан хин объекташ
- Соьлжан кӀоштан эркаш
- ЖӀайрахан кӀоштан хин объекташ
- ЖӀайрахан кӀоштан эркаш